ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

АПЕК-о шолгIачу метте хIоттийна Кадыров


Политикан а, экономикан а коммуникацийн агенталло (АПЕК) зорбане даьхна ша Мангал-беттан губернаторийн рейтинг толлуш бинчу талламан жамIаш. Цуьнца а догIуш, губернаторшна юкъахь хьалхаваьлла воьдуш ву Москох гIалин мэр Собянин Сергей. ШолгIачу меттехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. КхоалгIа меттиг дIалаьцна Тюменан кIоштан губернаторо Якушев Владимира.

АПЕК-о хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара меттиг дIалоцуш ву ГIалмакхойчоьнан куьйгалхо Орлов Алексей. Стигалкъекъа-баттахь дуьйна цуьнан рейтинг охьаяьлла 4 позицина.

Политикан а, экономикан а коммуникацийн агенталло шен талламехь юьхьарлаьцнарш яра, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран «прямая линия» цIе йолу телепередача йоьдуш бахархоша айина хилла регионан проблемаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG