ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина балхара дIаваьккхина 8 инарла


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен указаца балхара дIаваьккхина МВД-ра а, МЧС-ра а, ФСИН-ра а 8 инарла. Президентан Указ зорбане даьлла низамех лаьцначу хаамийн официалан сайт тIехь.

Инарлаш балхара дIабахаран бахьана дуьйцуш дац. Царна юкъахь ву полицин инарла-майор МВД-н Тыварчу урхаллан куьйгалхо Лобанов Александр а, МВД-н транспортехула йолчу коьртачу урхаллан куьйгалхочун когаметта инарла-майор Андреев Андрей а.

Стигалкъекъа-бутт болалуш Путина МВД-ра а, Талламан комитетера а, МЧС-ра а, ФСИН-ра а дIаваьккхира 13 инарла. Уьш а бара лаккхара даржаш дIалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG