ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магасах" дуьненаюкъара аэропорт ян дагахь ву Евкуров


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек лууш ву республикерчу «Магас» аэропортан дуьненаюкъара статус хилийта. Цунах лаьцна дIахьедар дина Евкуровс "Интерфакс» агенталле.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, кеманаш тIеоьцуш цхьа меттиг бен яц «Магас» аэропортехь. Цига цхьанаметта дIахIоттало 4 кема. Аэропорт дуьненаюкъара хилийта оьшу лахха а кхин а цхьа «перрон».

Цул сов аэрпортан гIишло а хила еза дуьненаюкъарчу билламашца йогIуш. Ткъа цунна ахча оьшу.

Евкуровс дийцарехь, тахана гIалгIайн Iедал лохуш ду оьшу финансаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG