ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жигара белхаш болийна «Ведучехь»


Ведучи.
Ведучи.

Ломарчу салазийн «Ведучи» курортехь жигара белхаш дIаболийна, инфраструктура еш. Болчу хаамашца, хьалхара садаIа богIу нах тIеоьцур бу цигахь тIейогIучу сезонехь.

Кхушара «Ведучи» еш йолчу компанино 1,5 миллиард ахча хьажор ду оьшуш йолу объекташ ян, хаам бо «Кавказский узело».

Оьрсийчуьрчу экономика кхиоран министралло (Минэкономразвития) хаам бинера кху деношкахь, Оьрсийчуьрчу ша-къастийначу экономикан зонашца юьстича, уггаре эвсара йоцуш болх бинарг ю Нохчийчуьра ша-къастийна экономикан зона аьлла.

2016-чу шарахь нохчийн ша-къастийначу экономикан зонан эвсараллан гайтам хилла 8 процент, ерриг Оьрсийчохь иза юккъерчу барамехь 84 процент а болуш.

Экономика кхиоран министралло билгалдаккхарехь, Нохчийчохь ша-къастийна экономикан зона кхоьллинера туризм яржор Iалашонца. Ткъа цу тайпа зонанаш мелла эвсаре йоцуш болх беш ю кхечу регионашкахь а, индустрин а, технологин а ша-къастийна зонашца юьстича.

Лаьмнашкахь салазаш хохку «Ведучи» олу ша-къастийна экономикан зона кхион дайа дезаш дара 53 миллиард 300 миллион сом, хаам бира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Амма цигахь болх беш, 8 белхан меттиг кхоьллина волу, цхьа инвестор а бен вац. Ткъа бизнесан компанеш а, Iедало а луш долу ахча догIуш дац планаца дайа дезачуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG