ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баларусехь нохчий мухIажираш совцийна бохург харцдина меттигерчу Iедалша


Нохчийчу а бахана, Австре юхабогIуш болу вайнехан доьзалш Беларусин дозанера дехьа ца бовлуьйтуш бисина аьлла хаамаш баржийнера социалан машанашкахь. Амма Маршо радион Брестерчу хьосташа чIагIдарехь, иза бакъ дац.

Австрихойн Iедалхоша Беларусин, Полшин дозанехь юкъ-кара рейдаш а еш, мобилан талламийн тобанаш хIиттайо, хIостано дийцарехь. Делахь а, цара циггахь нахера кехаташ схьа а дохий, уьш шайн махка чу ца буьту бохург бух боцуш хIума ду, хIунда аьлча меттигерчу низамашца цхьаьна догIуш хIума дац иза.

Полисхоша шайна мухIажарийн паспорташца Оьрсийчу а бахана юхабогIуш гучубевллачийн документийн копеш йоху, ткъа Австре уьш юхабирзинчул тIаьхьа и нах цIабахаран бахьана талла Iедална тIекхойкху. ХIинцале а дуккхаъчу цIабахана гучубевллачаьргара политикан тховкIелонах долу кехат дIа а даьккхина, цунна метта виза елла а меттигаш бу цу махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG