ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа а, Путина а дийцаре дира Шемаца, Украинаца, Iамеркера харжамашца доьзна хаттарш


Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташа Трамп Доналда а, Путин Владимира а дийцаре дира шаьшшина цхьаьнакхетарехь Шемара а, Украинера а хьал а, терроризмца а, киберзуламашца къийсам латторца а доьзна хаттарш а, ткъа иштта Къилба Корейна гонах хIоьттина хьал а.

Оьрсичоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бинчу хаамца, Трампа а, Путина а барт бира киберзуламаш ца хилийта белхан тоба кхолла, ткъа Украинера конфликт юьйцуш Минскехь бина барт ларбан беза аьлла.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса хаам бира, Трампа Цхьатоьхначу Штатийн халкъ саготта хилар хаийтина хиларх лаьцна, Оьрсийчоь Iамеркарчу президентан харжамашна юкъагIоьртина хиларна. Цо дийцарехь Путина тIецадитира иза дарна Москох бехке ю бохург.

Трампан а, Путинан а цхьаьнакхетар хилира Германерчу ХIамбургехь дIайоьдучу G20 саммитехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG