ТIекхочийла долу линкаш

Герзаш кхиссина Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь, хаам бина "Кавказский узело" Ленинаулерчу бахархошна тIетоьвжаш.

"Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, Дагестанан ницкъаллин структураш дIакъевлинера Нохчийчуьра Ленинауле богIу некъ, цигахь гулам дIабахьа дагахь бу нохчий аьлла. Цу дозане веанера Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад.

Мангал-беттан 25-чу дийнахь Дагестанерчу Ленинаулехь, дуккха а наха дакъалоцуш буй-тIарий а еш, дов иккхинера нохчийн а, суьйлийн а кегийрхойн. Цу хиламо эргIада бахийтина бу дуккха а нах, цунах доккха зулам хила мега аьлла.

Цу хьокъехь шен Инстаграмерчу агIонехь шена хетарг хаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчо, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Сайтиев Бувайсара хаам бо grozny-inform.ru сайто.

«Казбекан кIоштан проблема хьакхалуш ю Аухан кIошт юхаметтахIотоца йоьзначу проблемица. И проблема бахьана долуш ду цу кепара конфликташ хилар», - яздо Сайтиевс.

Сайтиевс сатухуш хиларе кхайкхина нохчий, социалан машанашкахь яздийриг тергоне а ца оьцуш, эладиттанашка ла а ца дугIуш. Зуламхойн а, низамаш дохочу нехан къам дац, царна даржашка хьажна доцуш таIзар дийр ду, боху цо.

XS
SM
MD
LG