ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан Iедалан аьтто баьлла Дагестанерчу Лелинаулехь иккхина дов маьрша дIадерзо. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, карарчу хенахь Казбекан (Аухан) кIоштахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца йолу КПП (таллам а беш чекхволуьйту пункт) болх беш ю могIарерчу рожехь.

Нохчашна а, суьйлешна а юкъахь Дагестанерчу Ленинаулехь иккхина дов нийсонца дIадерзаде аьлла, цига баханчу нохчашка сатухуш хиларе деха ваханера Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад ("Лорд").

Мангал-беттан 25-чу дийнахь Дагестанерчу Ленинаулехь, дуккха а наха дакъалоцуш буй-тIарий а еш, дов иккхинера нохчийн а, суьйлийн а кегийрхойн. Цу хиламо эргIада бахийтина бу дуккха а нах, цунах доккха зулам хила мега аьлла.

Нохчийчоьнан къаьмнийн политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министран когаметта волчу Гудаев Лемина хетарехь, Аухан проблема дIаерзор дахделла. Амма экстремизм лелоро а, къаьмнашна юкъахь дов марсадаккха гIертаро а проблема дIайоккхур яц аьлла хета цунна.

XS
SM
MD
LG