ТIекхочийла долу линкаш

Дагестан: нах дIасабевлла, амма проблема йисина


Дагестанера дIабоьлхуш бу нохчийн дозанца йолчу Аухан кIоштахь духьалонан акцехь дакъалаьцна Нохчийчуьра бахархой.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, Дагестанерчу Казбекан (Аухан) кIоштахь дуьхьалонан акце арабевлла Ленинаулера а, гонахарчу ярташкара а, ткъа иштта Нохчийчуьра бахархой а дIасабевлла. Иза дан аьтто баьлла, Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад веанчул тIаьхьа.

Даудов цхьаьнакхетта кIоштан куьйгалхошца а, полицийн хаькамашца а.

Суьйлийн а, нохчийн а кегирхойн дов даьллера ши кIира хьалха. Уьш дIасакъасто юкъагIоьртинчу полицино аьккхашна ницкъ бина хиллера: 10 йиттинера, 3-нна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера.

Иза ла а ца делла нохчаша Ленинаулан юьртан йистехь лаьттачу полицин блок-постехь дуьхьалонан акци йолийнера. Маьрша нахана йиттинчарна таIзар дар дехарал сов, цара хьалхатеттинера Казбекан а, Новолакан а кIошташ нохчашна юхаерзае аьлла.

Тахана хьал дортIедало аьтто баьллехь а, конфликт д1айирзина яц бохуш саготта бу Нохчийчоьнан а, дагестанан а дозанна шина а агIор беха нах. Аухан гонаха лаьтта конфликт дIаерзор дукха дахделла аьлла хета Нохчийчоьнан Iедалан векална Гудаев Лёмина.

XS
SM
MD
LG