ТIекхочийла долу линкаш

Австрин полисхошна дуьхьало йина «Кавказ Имаратан» куьйгалхойх хиллачу стеган доьзало 


Австри -- МухIажираш дукха хиларна болх алсамбаьлла Австрин полицин. Вена.

Австрин Iедало депортаци ян сацам бина гIебартойн къомах йолу жима зуда а, цуьнан кхо бер а дIадига мухIажираш дIатарбинчу Iедалан кхерче баьхкина хилла полисхой. Амма иза дан ма моьтту атта ца хилла царна.

Венерчу полицин векало Маршо Радиога бинчу хаамца, 16 шаре ваьллачу воккхах волчу кIанта ша дIа ца вигийта Iедалхошна дуьхьало йина, ткъа берийн нанас полисхочун цергаш тесна.

Хилларг бахьана долуш полисхоша, нуьцкъала дIа а бигина, Венерчу набахте боьхкина уьш. Царна Германе депортаце ян мегаш ю гергарчу хенахь, хIунда аьлча и доьзал Германехь тховкIело а ехна, цигахь шайна бакъо ца елча Австре беана хилла.

Меттигерчу хаамийн гIирсаша лаьцнарг нохчийн доьзал бу бохуш яздо. Амма Маршо Радион хьостано бинчу хаамца, «Кавказ Имаратан» куьйгалхойх хиллачу стеган доьзал бу Германе дIахьажо гIертош берг. Цу доьзалан нана а, цуьнан воккхах волу кIант а гIебартой бу, ткъа цуьнан жимах долу ши бер гIалгIачун дина ду, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

XS
SM
MD
LG