ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сайтиев: Акташ-Аухехь (Ленинаулехь) хилларг нийсонца таллийта гIулчаш йохуш ю


Сайтиев Бувайсар.
Сайтиев Бувайсар.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчо, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато, кхузза Олимпан чемпионо Сайтиев Бувайсара дIахьедар дина Дагестанерчу Акташ-Аухехь (Ленинаулехь) хилла дар-дацар кхин зулам ца хуьлучу агIор дIадирзина аьлла, хаам бо grozny-inform.ru зорбанан гIирсо.

Цо дийцарехь, Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана Iуналла а деш, гIулчаш йохуш ю цигахь нохчийн а, суьйлийн а кегийрхой вовшах а леташ хилларг нийсонца таллийта.

Сайтиевс дийцарехь, Дагестанехь Аухан кIоштахь хуьулург, Абдулатиповца зIенехь а волуш, шен тидамехь латтош вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Сайтиевс бинчу хаамца, Акташ-Аухехь гулбеллачу нохчашка собаре хилар деха Дагестане бахана Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочун администрацин куьйгалхо Усмаев Висит а, МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо Алханов Руслан а, Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо Делимханов Шарип а, кхин болу Нохчийчуьра Iедалхой а цхьаьнакхийтира цу республикан куьйгахошца а, Iедалан белхахошца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG