ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Tesla Model 3 электромашен гайтина Маск Илона


Tesla 3.
Tesla 3.

Tesla Motors а, SpaceX а кхоьллина волчу Маск Илона шен Twitter агIон тIехь зорбане даьхна автопилот йолчу хьалхарчу тоькаца лелачу машенан сурташ. Цуьнан цIе ю Tesla Model 3.

Маска билгалдаккхарехь, керла машен зуьйш ю, массо а тестах чекхйоккхуш. Tesla 3 мах хир бу 35 000 доллар.

Tesla Model 3 ша еш ву аьлла Маска хаам бира стохка шо долалуш. Керла электромобиле 346 километр некъбало шеца йолчу тоькаца. 100 километр сохьтехь чехкалла схьаоьцу цо 6 секундехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG