ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс жоп делла "Новая Газетана"


Иттаннашкахь нах байарна «Новая Газето» бехкединчу Нохчийчуьрчу Iедало комментари йина хаамна.

Махкахь нах хIаллакбина бохург «политикан басар тоьхна аьшпаш бу», аьлла Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Умаров Джамбулата.

«Лазар кхетта фантази ю» артиклан авторо Милашина Еленас яржориг, боху министро, «Дождь» телеканало бечу хаамца. Умаровна хетарехь, Нохчийчоьнна духьалъяккхинчу дезинформацин кочарх ю керла артикл а.

КIирандийнахь араяьллачу «Новая Газетан» артикло даржийна, 27 стаг вийна Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан кертахь кхушеран Дечкен-беттан 26 дийнахь, аьлла. Хьалхо махкахь Iедало дIаяьхьначу леринчу операцин тIаьхьало ю иза, тIехьош цхьа а бехк а боцуш байина нах, чIагIдо «Новая Газето».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG