ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп ца теша киберкхерамзаллин хьокъехь ша Путинца бинчу бертах


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда, ша ца теша Оьрсийчоьнца цхьаьна кхиберкхерамзалла чIагIъен тоба кхоллалур ю бохучух, яздина шен Твиттерехь.

«ХIамбургехь йирзинчу G20 саммитехь Путинца и тема йийцарееш, шина пачхьалкхан юкъарло тIекIадинехь а, Iалашо кхочушъялур ю ала бац тешам, амма Шемахь герзаш дийлар сацор – иза далуш ду, дан а дина!» - яздина Трампа.

Саммитехь Трампа а, Путина а бартбира, Оьрсийчоьно Штаташкахь президентан харжамаш боьлхуш кибертIеIаткъам бина, я ца бина къастош тоба кхуллур ю, оцу тобано информаци вовшех Iалашъен некъ а боккхур бу, аьлла. И тема йийцарейира шина президента 40 минотехь (ткъа дерриг а къамел хилира 2 сахьтехь 15 минотехь).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG