ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псаки Джен: Путина боьгIначу гура нисвелла Трамп


Трамп Путина саммитерчу цхьаьнакхетарехь шена боьгIначу гура чу нисвелла, яздина Обама Барак президент волчу заманахь Пачхьалкхан департаментан векал лаьттинчу Псаки Джена CNN-н сайтехь.

Путин дика кечамбина веанера саммите, цунна хаьа шена презентация ян а, гураш богIа а, яздо Псакис.

Оьрсийчоьно Трампца дендолчу къамелан Iалашонаш билгалъяьхнера кхаа тезисца: Штаташца «юкъаметтигаш тоян», «Iамеркан политиках кхета», терроризмо шина а агIонна бохьу «кхерам» бийцаребан, билгалдоккху Псакис. Къамелан оцу кхаа а тIегIанахь Москох тоьлла, хиндолу къамелан векторш Путина къастийра, ткъа Трамп цуьнан лорах вахара, яздо политико.

Цундела къамел а ца дина Украинерчу ситуацех лаьцна. Кремл Штаташкарчу хармашна юкъагIертар хьахош, Трампна тоам хилла Путина динчу дацарех, боху Псакис.

Путинан прес-секретаро Песковс, къамел динчу шина президентах мила туьйлира, аьлла, хаттар хIоттор «абсурд ю, тоьлла, хетарехь, ший а агIо», аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG