ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-ца ша кхобу юкъаметтигаш лахъян йоллу Оьрсийчоь


Столтенберг Йенс, НАТО-н инарла-секретар
Столтенберг Йенс, НАТО-н инарла-секретар

Оьрсийчоь дагахь ю шен Атлантикан альянсера (НАТО) векалталла лахдан, «даиманенна тешийначу» даржера «ханна» олучу дарже охьадаккха. «Известия» газето, дипломатин министраллана тIе а тевжаш бо и хаам.

И гIулч юзу «альянс конструктиван диалог дIаяхьа лууш яцарца, муьлхха а дискусси цо Оьрсийчоьнна бехкаш дахкаре ерзош» хиларца. Иштта нисдала тарло, нагахь санна юкъаметтигаш кеста толуш ца хилахь, аьлла Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллан хьакамийн векало.

Цунна хетарехь, «кIезиг пайда бохьур бу кху кIиранах, еарийдийнахь, хуьлучу Оьрсийчоь-НАТО цхьанакхетаро, альянс юха а Кремл бехкеян кечлуш ю, Украинера хьал а дуьйцуш».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG