ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москальковас дIаелла Путине Нохчийчохь байина бохучу нехан цIерш


Адамийн бакъонаш Оьрсийчоьнан президентан цIарх тергалъян векалйинчу Москалькова Татьянас хаамбина, шега кхо бутт хьалха кхечира Нохчийчохь нах байарх йолу информаци«Новая Газетера», ша хIеттахь иза Талламан комитете а, Путине а дIа а кхачийра, аьлла.

Москальковас бахарехь, Iедал толлуш ду хьал. Цо бахарехь, «Новая Газето» йовзийтичу цIершлахь ши стаг ву махкахь ваьхна а воцу. «Таллам, бан тарлучул меллаша беш бу», аьлла Москальковас.

"Новая газето" ша кIирандийнахь араяьккхинчу артиклехь йовзуьйту Нохчийчоьнан Iедало кхел а йоцуш вийна лоручу 27 стеган цIе. Уьш къайлах дIабоьхкинчу бусалба а, кестанийн а кешнашкахь, чIагIдо газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG