Екатеринбургехь, техникан «Иннопром» гатамехь Mitsubishi мотоцикле хьожуш, «сан мотоцикл иштаниг яц, амма шун фирмано арахецна-м ю», аьлла Путина, "Интерфаксо" дийцарехь.
Прессо тидаме эцна Путина шен бахам бовзуьйтуш хIоттийначу тIаьххьарчу декларацехь мотоцикл цо хьахийна а яцар.
2016-чу шеран декларацехь язйина Путина ши «ГАЗ М12» машен а, "Нива" машен а, «Скиф» автогIудалкх. Иштта, язйина 1,5 гектар беш а, 77 метр йолу петар а, машенан чоь а. Ерриг а объекташ ю Оьрсийчохь.