ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн журналистийн гоно емалдо "Новая Газета"


Нохчийн журналистийн юкъаралло «диллина кехат» яздина «Новая Газете» цо Соьлж-ГIалахь Дечкен-беттан 26-чохь, буса, Iедалан ницкъаша 27 стаг вийна аьлла арахецначу артиклан лорах.

Редакцино тоьшаллаш ца далиийна, чIагIдо журналисташа.

«Нохчийн Республикан журналистийн юкъараллана гарехь, госпожас Милашинас сенсаци яржон, Iедал Iорадаккха араяьккхина Iалашо, бина таллам а боцуш, Малхбалерчу спонсорша цунна хьалха хIоттийначух тера го. Цо и Iалашо ледара кхочушйина, хетар-моттарх а ловзуш», боху кехато.

ДIахьедарна шегара комментари елла Оьрсийчоьнан журналистийн юкъараллан куйгалхочо Богданов Всеволода РБК-ца къамелдеш. «Оьздангаллах эшна» ду Нохчийчоьнан журналистийн юкъаралло ден дIахьедар, Оьрсийчоьнан журналистийн юкъаралло къобал ца йо и позици а, ша дIахьедар а. Стенна йо журналист, зуда аьшнаш?», - аьлла цо.

«Новая Газетан» агIонтIехь деношкахь араяьллачу артикло чIагIдарехь, Iай лерина операцеш дIахьош шаьш лецна нах байина иттаннашкахь Нохчийчуьрчу низамхоша Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан кертахь, хьал тергалдеш махкарчу ницкъаллин урхаллашкара хьаькамаш Алаудинов Апти а, Висмурадов Абузейд а, Ирисханов Аслан а, кIоштийн полицин дакъойн куьйгалхой а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG