ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагонна ца хаьа ал-БагIдади вийна я дийна ву


Ал-БагIдади Абу Бакр, ДАIИШ-ан куьйгалхо, вийна бохучунна бало бух бац Пентагонан, дуьйцург бакъ хуьлийла лаахь а, дIахьедина Iамеркан инарлаша, хаамбо Reuters агенталло.

Хьалхо Alsumaria News телеканало шайн лидер кхелхина, шаьш кеста керланиг вовзуьйтур ву бохучу тIемалойн дIахьедар довзийтира.

ГIажаройн IRIB телеканало а гайтира диъ сурт, шиъ - БагIади дийна волуш, важа шиъ – иза вийча даьккхина ду, аьлла. Иштта, Оьрсийчоьно а дира, шен кеманаша бахначу беттан 28-чохь Раккина тIе ракеташ еттачохь иза вийнчух тера хета шена, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG