ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турист вийнарг вийцинчунна миллион сом ло Абхазин милицино


Абхазин милицино I миллион сом кхаъ кхайкхийна шинарийдийнахь Гудаутана гергахь оьрсийн турист вийна нах леца гIодинчунна, хаамбо ТАСС агенталло.

Зуламхой лохучу тобан коьртехь ву мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Кобахия Аслан, ткъа низамхой лерринчу рожехь болхбеш бу. Махке хьажа веъна хьаша вийначу меттехь хилла, Адыгей ваха везачуьра юха а вирзина, Абхазин президент Хаджимба Раул.

Оршоьтадийнахь Аапста хина гергахь, Гудаутан кIоштарчу Приморское юьрта кхаччале, тутмIаьжгаш йоьхкина ши стаг тIелетта садоIуш Iачу туристашна, цаьргара ахча даккхархьама. Иккхинчу латарехь урс диттина вийна 30 шо долу Москох веха Кабанов Андрей. Ядийна хилла цуьнан цIийнанана а, кхин цхьа зуда а, уьш милицино мукъабаьхна. Ткъа тIелеттарш лецанза бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG