ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Касперскин Лабораторин" программех кхин ца теша Трампан администраци


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан администрацино шен Iедалан структурашна пайдаэца магочу электронан продукцин могIарара яьхна «Касперскин Лабораторино» арахоьцу программаш, хаамбо Reuters агенталло.

Сацамбинчу урхаллан векало бахарехь, «леррина теллинчул тIаьхьа» арахецна и бехкам.

Iамеркан прессехь тIаьххьарчу беттанашкахь дуккхаза а хазийра «Касперскин Лаборатори» Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисашна болхбеш ю боху шеко.

Амма Associated Press агенталлана дукха хан йоццуш интервью луш кибертехнологийн фирмин директоро Касперский Евгенийс, шеконаш дIаяхархьама, ша кийча ву элира шаьш арахоьцучу программийн орамийн код Iамеркан Iедална йовзийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG