ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапех 10 триллион къайлах луш ду Оьрсийчохь


Оьрсийчоьнан финансийн министралло Iорадаьккхина пачхьалкхехь къахьоьгучу бахархоша къайлах, Iедална ял а ца луш доккхучу «Iаьржачу» ахчанан барам – 10 триллион сом шарахь.

Министралло даредо, нагахь къайлах доккху ахча Iора даьккхахь, нахана бале хир бу цара охьаюьллучу йолан барам. «Ахча «кIайчудаккха» бизнесна шатайпа экономикан стимул кхолла оьшучух тера ду – ял лахъяр», - боху арахецначу документо.

Хьалхо финансийн министро Силуанов Антона йоланна маневраш оьшу, цьунан хьесапаш хийца деза, аьлла дIахьедира.

Карарчу хенахь дукхахйолчу Оьрсийчуьрчу компанешка бюджетехь йоцчу фондашка дуьллуьйту царна наха бинчу белхан барамах 30 процент ахча. Оцунах 22% пенсийн фонде хьажадо, 5,1% - мехаза могашалла тоечу фонде, 2,9% - халкъан социалан кхерамзаллин фонде.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG