ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вийначарна прокуроро кхачош долу таIзарш (карлаяьккхина информаци)


Прокуроро Семененко Марияс оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба а, 200 эзар сом гIуда тоха а сацамбар дехна кхеле Дадаев Заурна.

Иштта, доьху прокуроро иза лейтенант даржах а, Стогаллин орденах а ваккхар.

Бисинчарна, веанна, 17 шарера хьала хенаш тоха еза аьлла кхайкхийна Семененкос.

Бахаев Хьамзата Дадаевна а, цуьнан накъосташна информаци луш, уьш Немцов вийна бевлча къайлахьош дакъалаьцна боху прокуроро - цунна 17 шо доьху. Эскерханов Темирлана а (19 шо доьху цунна), вежарша ГубашевгIара, Анзора а (цунна 23 шо доьху) Шадида а (21 шо доьху) Немцов лела некъаш теллина зуламна кечлуш, аьлла къастийна кхело.

Уьш массо а «бехке бу» аьлла ю Москох тIеман кхело кIира хьалха тIеэцна вердикт.

Кхелан сацам дIакхайкхон тарло кху беттан 19-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG