ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook, Telegram, ... кхачош ю-те церан маршо а?


Оьрсийчохь шайн филиалаш елла еза 2 миллион сов пайдаэцархо волчу мессенджерша, иштта латто еза мессенджеран агIонашкахь резаовцчунна арзден кеп а, боху маьIна ду Пачхьалкхан Думехь йийцареен йолчу низаман проектан.

ТIеман пропаганда, къамнашка, дине цабезам баржош, стаг сийсазвеш, доцург дуьйцуш йолу информаци яржочух дерг мессенджеро Iедале дIакхачош ца хилахь, цунна туху гIуда 2-50 миллион соьме кхочуш хила деза, аьлла ю «Цхьааллин Оьрсийчоь» партерчу депутатша Боярский Сергейс а, Альшевских Андрейс а чуелла проект.

Цо декхарейо мессенджераш, пайдаоьцучара дина къамелаш беттанашкахь Iалашдан а, ФСБ-не, цунна эшначохь, нехан юкъарлонийн кодаш дIаяла а.

Проект тIеэцахь, Оьрсийчоьнан Iедалан тергоне южур ю, масала, Facebook, Telegram, уьш санна гоьевлла мессенджераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG