ТIекхочийла долу линкаш

Политик Немцов Борис верна пхеанга 11-20 шераш набахтехь такхийта сацамбина Москох тIеман кхело.

20 шо шогачу хьелашкахь набахтехь даккха а, 100 эзар сом гIуда такха а, Доьналлин орденах а, лейтенантан чинах а ваккха а кхачийна Немцовна герз тоьхна лоручу «Север» батальонан буьйранчин гIовс лаьттинчу Дадаев Заурна.

Уггаре кIезиг хан – 11 шо - тоьхна Бахаев Хьамзатна.

Дадаев гергарчарна, ГубашевгIарна - Анзорна а, Шадидна а - 19, 16 шерашкхайкхийна. 14 шо – Эскерханов Темирланна, иза а ваьккхина прапорщик чинах. Дадаев воцчарна, хIоранна а тоьхна 100 эзар сом гIуда.

Пхеаннан а адвокаташа шаьш сацамна кассацин арз дийр аьлла даржийна.

Политик-оппозиционер, "Парнас" партин лидер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Кремлна гергахь.

XS
SM
MD
LG