ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песковна ца хета Немцов верна хенаш тоьхнарш эскархой хиларо Iедал юьхьIаржа хIоттийна аьлла


Политик Немцов Борис вуьйш дакъалаьцна нах низаман структурашкахь болх бина хилар дац иза верца доьзна, жоп делла Путинан пресс-секретаро Песковс шега журналисташа, Нохчийчуьрчу ницкъаллин урхаллашна тIе IиндагI дожош хетий Кремлна, зуламхой низамхошлара хилар, аьлла, хаьттича.

«Хаттар иштта хIоттор а дац нийса, суна хетарехь», - боху Песковс. Иштта, цо аьлла, зулам дайтинарш а схьакароре дог доху ша.

2015-чу шеран Iай Москох, Кремлна гергахь, вийра Немцов Борис. Иза вуьйш дакъалаьцначу пхеанна 11-20 шераш кхайкхийна Москох тIеман кхело тахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG