«Абрис» цIе а йолуш, дешаран центр схьайиллина книгашна зорбатухучу «Просвещение» компанино Соьлж-ГIалахь.
Церемоне веъначу компанин вице-президентна Кожевников Михаилна баркалла элира махкарчу дешаран центран куьйгалхочо Ахмадов ШахIида. Цо бахарехь, ерриг а Оьрсийчуьрчу школашна книжкаш арахьоцучу «Просвещение» компанино Нохчийчуьрчу шина колледжна совгIатйина интерактиван программийн комплекс, «Математинкан школа» олу электронан техника.
Махкахь къахьоьгуш оцу компанин дакъа «Абрис» хиларо аьтто бийр бу нохчийн хьехархошна шайн болх лаккхарчу корматаллин тIегIане баккха, аьлла Ахмадовс барамехь.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...