ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин полицино ша лаьцна Акуева кхел хиллалц дIахецна


Берлин
Берлин

Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхорна Германехь полицино сацийна хилла Акуева Аминат дIахецна, цунна кхело сацам баллалц шен берашца цIахь Iан мега, хаамбина цуьнан цIийндас.

Хаам баржийна Европерчу нохчийн сагIадаран "VAYFOND" ассоциацино.

Кхо шо ду Акуева Германехь еха, ши бутт хьалха елла Оьрсийчоьно Интерполе. Нохчийчуьрчу низамхоша иза бехкейо махкахь цо тIемалошна гIо латтийна бохуш, хаамбира Маршо Радиога "VAYFOND-ан" векало.

«Акуева Аминат ханна дIахецна полицино. КIезиг шансаш елахь а, тхо теша цунна Германино тховкIело латториг хиларх, доьху бакъоларъярхошка цуьнан агIо лацар» - аьлла ду ассоциацино даржийна дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG