ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шогга къамелдина Iамеркарчу журналистца


ТIом балахь, Оьрсийчоьнан «тIелата а, адам Iалашдан а дика эскар ду», цо «дерриг а дуьне раком хIоттор ду», аьлла Кадыров Рамзана Iамеркарчу HBO телеканала спортан журналистца Скотт Дэвидца къамелдеш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, Iамеркан Штаташа Москохна дуьхьал политика лелайо, амма уьш тоъал кхераме дац, цундела ца догIу Оьрсийчоьнан мостагI лара a.

«Тхан ницкъ a болуш, зарратан пачхьалкх ю. Тхан пачхьалкх ерриг а хIаллакьхилча а, шун агIор шаьшха тхан рекеташ хьаьлхар ю. Оха дерриг а дуьне тIекIалдоккхур ду, IункархIоттор ду», аьлла Кадыровс.

Журналисто Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзош бу бохург мел бакъду шега хаьттича, Кадыровс делла жоп иштта ду: «иза ерунда ду», махкахь гомосексуалисташ бац, ткъа белахь – дIабига Канаде, тхох гена баха… нохчийн цIий цIандеш».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG