ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Siemens а, ГIирма а бахьанехь "шпион" лаьцна ФСБ-но


Петарбухахь ФСБ-но лаьцна «Силовые машины» компанин инарла директор Филиппов Роман. «Фонтанка» портало бечу хаамца, пачхьалкхан къайленаш Ioраяхар до цунна бехке. Амма къайлахчу сервисо ца довзийтина иза лацаран бахьана.

Филиппов лацар хенаца догIу Германерчу Siemens корпорацино Оьрсийчоь ша арахецна турбинаш Европано а, Iамерко а санкцешна кIел кхобучу ГIирме кхачорна кхеле яларца.

«Силовые машины» компани а, цуьнца уьйрашкахь йолу кхин массех фирма а йо немцоша Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмица зIенаш латторна бехке.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG