ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс Iамерканна кхерам тасар шен метта дара боху Умаров Джамбулата


Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Умаров Джамбулата жоп делла деношкахь Кадыров Рамзана дуьненна шогачу дешнашца кхерам тосуш еллачу интервьюн лорах тергамчийн кхолладеллачу хаттарна.

«Иза импровизаци яра. Хьалххе, леррина кечам а бой, къамелден стаг вац Кадыров Рамзан. Цундела даггара йина экспромт яра и интервью», - аьлла Умаровс «Эхо Москвы» радиохь.

Ша вуьззина кхета Iамеркан политике хьаьжжина сихонехь къамелдинчу шен куьйгалхочух, боху министро.

ТIом балахь, Оьрсийчоьнан «тIелата а, адам Iалашдан а дика эскар ду», цо «дерриг а дуьне раком хIоттор ду», элира Кадыров Рамзана деношкахь Iамеркарчу HBO телеканала спортан журналистца Скотт Дэвидца къамелдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG