ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаевна тапча йиттина килер: «Нелна санна, суна тIе герз диттира цо»


Киевехь бахначу беттан 1-чу дийнахь Украинерчу эскарера ши нохчо Осмаев Адам а, Окуева Амина а ден гIоьртинчу киллеро «Дингос» (Артур Кринари, изза Курмакаев, изза Денисултанов) йовзийтина хиллачух шен верси – иза официало бохучунна нийсса бIоста ю.

«Осмаев, Окуева, тхо Подолехь церан машенчохь къамелдеш Iаш, ас сайна церан сурт даккха лаьа, элира, тIаккха Осмаев тIехьа хиира. Цо суна ботт гайтира, чохь тапча яра. Суна дуьххьара гуш дара и санна герз, ас и вонза ма хиларг, и тапча, караийцира. И сан карахь гушшехь, «Хьожуш хила!» - мохь эккхийтира Осмаевс, сан куьг а хьийзош. Оцу муьрехь сан лаамза маситтаза елира тапча, суна иза мича кхийтира а ца хаьа. Суна ца лаьара герз тоха, со ца воллура цхьа а вен, дерриг а шашах нисделира» - дийцина «Дингос» Украинерчу «Страна» («Мохк») газете.

КхидIа, киллеро дийцарехь, Окуевас герз диттина цунна, иза машенчуьра охьавоьжна, машенна го а баьккхина, тIевеъначу Осмаевс шолгIа «Макаров» тапча а етта йолийна.

«Цо хьакха санна вуьйш вара со. Ас лаьтта а воьжна, когашца дуьхьало йора дуьйлучу герзна. …Велла кхо минот а йолуш кхачийна со дарбан цIийне, реанимацехь денвина», аьлла ю ду «Дингон» дицар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG