ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийн полицино кIирандийнахь лаьцна цигарчу Iедало тховкIело яларе сатуьйсуш веха Абдурахманов Тумсо.

Цуьнгара Маршо Радионе кхаьчначу аудиохаамехь цо ша цкъачунна ца дуьйцуш дуьту лацаран бахьана, боху, амма иза доьзна дац пачхьалкх шена экстрадици ян дагахь хиларца, элира цо.

"Электросвязехь" инарла директоран гIовс волу иза лецира лурчах гурахь балхара цIавоьдуш хIетахь Соьлж-ГIалин мэр волчу Кадыров Ислама шен тобанца, маж еха хилар юьхьар а эцна. Ша цуьнан гоно юх-юха тIекхойкхуш хьийзо волийча, Абдурахманов шен доьзал а эцна, ведира махкара Гуьржийчу.

Оцу хенахь дуьйна Нохчийн полицино ДАIИШ-ан декъашхо ву аьлла, дlа а кхайкхийна, лохуш ву иза Оьрсийчоьно.

Ткъа Гуьржийн пачхьалкх реза ца хилла Абдурахмановна тховкIело яла. И сацам кхеле а белла, рогIерчу жоьпе хьоьжуш Iа иза а, цуьнан доьзал а, ваша а, нана а.

XS
SM
MD
LG