ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: "Кадыровн къамелехь совнах хIуммаъ дац..."


Iамеркан телеканална Нохчийчоьнан куьйгалхочо еллачу интервьюхь цхьа а совнах хIума ца карийна Кремлна. Цул совнах, хьехна канална, Кадыровн къамелера цхьадолу дакъош юкъара ца дахар.

"Бакъдерг дийцича, контектсера Кадыровн цхьацца долу аларш юкъарадаьхна", - аьлла журанлисташка Оьсрйчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

Цо билгалдаьккхина, оцу къамелехь шога ойланаш хилар. "Кадыровс динчу къамеле ма-дарра ладоьгIча, юкъара дешнаш дIа а ца дохуш, совнах аьлла кIад а дац", - аьлла Кремлан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG