ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 1228 вахархочунна бихкина Туркойчу некъ


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйрашкахь хиларна шеконаш кхоллаелла Оьрсийчоьнан 1228 вахархочунна Туркойчу бахка дихкина мехкан Iедало. Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина и хаам.

ДаIишхошца гергарлонашкахь хиларна 2011-чу шарахь дуьйна 804 вахархо шайн пачхьалкхера араваьккхина туркоша.

Билгалдоккху, 146 пачхьалкхера Туркойчу ваха бакъо йоцуш Iаржачу тептаре ваьккхина 53 781 стаг.

Террорхойн тобанца бозуш ба аьллачех дукхаберш СаIуда Iарбийчоьнан а, Тунисан а бахархой бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG