ТIекхочийла долу линкаш

Миллионашкахь харж а еш, "Терекна" "Ахмат" цIе тилларца доьзна, Соьлжа-гIалахь хIоттийначу синкъерамах Оьрсийчоьнан уггар мехалчу хаамийн гIирсашкахь ишта хьажам Iорабаьккхина.

"Соьлжа-гIалахь чекхъяьлла футболан матч кхин тамаш бан хIума доцуш, хIусамдайша хала толам а боккхуш, дIайирзина. Адам цецдоккхург кхин дара. "Ахмат-аренехь" хIоттийна шоу. Шех тера кхин хIума хила а тарлой те аьлла хоьтуьйтуш къегина хиламаш, цига кхайкхина беза-баккхий седарчий-хьеший. Соьлжа-гIаларчу даздаршца дуьстича, схьахетарехь, "Реал" а, "Барселона" а цхьаьанакхетар а цхьа беса хета тарлора".

Герггарчу барамехь ишта хааме даьхна махкахь дIадаьхьна рогIера, даздарш.

Бахархошна хетарехь ондда харж-токхамаш бина оцу кепара самукъане хашленаш цхьаьнатухуш. Царна моттарехь, шайга кхайкхарх а ца тешаш, маьхаза баьхкина бац Соьлжа гIала цIарна цIе яхана гоьбевлла нах: Плющенко Евгений а, Рудковская Яна а, Крутой Игорь а, Тимати а, Басков Николай а, шен говзаллица дуьненан футбол кхелина седа Роналдиньо а, кхиберш а.

Теркаца Iуьллучу цхьана эвлара Соьлжа гIала футболе а вахна, 12 сахьт новкъахь а, стадионехь даьккхина, Iуьйренан садаьржаш цIа кхаьчначех ву хьехархо Султан.

Цунна хетарехь футболе мел баьхкинчарна дIасадекъначу духарх а, байракхех а даьлла масийтта миллион, ткъа кхидолчунна дайина ахча-м лара а лур дац цунна хетарехь.

"Футболера Iуьйра ламазан хенахь цIа кхечир-кх со..."

Султан: "Футбол кхин даладелла а яцара. Ледара ловзура. Схьаеллар чIогIа дика дара. Рональдино а вара. И стенна валийнера а хаац. Маьхаза мича богIур бу! Бац дер-кх. Цига мел веъначунна елла майканаш а, коьрта тохкучеран а, байракхийн мах а бара масех миллион. Iуьйра ламазан хенахь цIа кхечир-кх со. И ловзарш дIадерззалц цхьа ара-чу волуьйтуш ма вацара. Тхан машенаш а яра дукха генахь йитина".

"Терек" тобанна "Ахмат" цIе тилларца доьзна, хIинцачул тIаьхьа стадион юьззина цахилар юьхькIаме доцуш, республикана тIе а эхь догIуш хир ду аьлла, хабарш ду юкъараллехь даьржина.

Оцу юьхьIаьржонах мохк ларбар массо тIегIан хьаькамаш бу цу декъехь само ян декхарийла беш.

Ишколехь хьехархо йолчу шен несан меттана "Ахмат-арени" тIехь самукъа а даьккхина, синбилгалонашций цIийнех кхеттачех ю Новр кIоштан цхьана нацкъарчу юьртара яхархо Нахари а. Цо дуьйцу шен самукъдаларх.

"ЧIогIа даккхийдеш "Ахмат", "Ахмат" бохуш маьхьарий –м диттира оха".

Нахари: "Селхана кхо сахьт долуш новкъаделла тхо Соьлжа-гIала. Сарахь 6 сахьт даьлча дIакхечира. И ша йолу арена дIалаьцна адам дара. Массаьргахь а цхьатерра духарш дара. Массо чIогIа самукъадаьлла, хазахеташ вара. ЧIогIа даккхийдеш "Ахмат", "Ахмат" бохуш маьхьарий –м диттира оха. Концерт дIаяьлча футбол йолаелира. Iуьйран ламазна молла кхойкхуш цIа кхечира –кх тхо. Несан меттана яханера со. Цуьнан тIулгаш санна кегийра бераш ду".

Бахархоша даредарца, Iаткъам бийриг а, ца лаахь а лууш санна, дагахь хIуъу а делахь а вела дезар а, таьIна дог-ойла йоллушехь ,цхьанна томана зевне мохь бета без

XS
SM
MD
LG