ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спиннер талла дагахь ю "Роспотребнадзор"


Роспотребнадзор талламаш бан дагахь ю, муха тIеIаткъам бо берийн могушаллана спиннерша. Берийн дай-нанойн, хьехархойн и ловзарш бахьанехь байначу синтеман тIехула могушаллана гIаролехь лаьттачу Iилман-талламан организацешца цхьаьна цара зуьйр ду, хIун зен дохьу шеца оцу спиннеро. Иштта Роспотребнадзоран говзанчаша дехар до берийн дайшка-наношка спиннер ма эца бохуш, нагахь санна оцу ловзорган химин хьожа елахь а, цо совнах гIовгIа яхь муххале а.

Юккъехь кхо Iуьрг а долуш, пIелгашна тIехь хьийзон и спиннер дахначу бIешеран 90-гIачу шерашкахь юкъаяьллехь а, и ловзор къаьсттина даьржина кху карарчу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG