ТIекхочийла долу линкаш

Бакъонашларяъран Хьюман Райтс Вотч (Human Rights Watch) организацино даредо, тIаьххьарчу заманчохь Оьрсийчоьно шога доьхкуш хиларх социалан машанашкахь шена хетарг дIаалар. Шинарийдийнахь зорбане йиллинчу организацин рапорта тIехь яздо бакъонашларъярхоша цунах лаьцна.

Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, 2012-чу шарахь дуьйна оьрсийн пачхьалкхехь иттанашкахь бахархошна дуьхьал бехктакхаме гIуллакхаш ийдеш хилар, цара шайн агIонаштIехь артиклаш яхкарна, комментарий ярна я видеоконтент яржорна ду аьлла. Экстремизмаца къийсам латтабо шаьш бохуш, бIеннаш сайташ дIакъевлина Оьрсийчохь, яздо Хьюман Райтс Вотч организацин векалша. Цара чIагIдо, оцу некъашца Iедало адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх.

Информацин-аналитикан "Сова" центран хаамашца, 2010-чу шарахь социалан машанашкара 30 стаг бехкевина, церан артиклаш "экстремизме" ю аьлла. 2015-чу шарахь 216 стагна дуьхьал даьккхина бехктакхаме гIуллакх.

Ткъа лурчаха дуьйна карарчу шеран Чиллан-батте кхаччалц интернетехь комменташ йитарна набахте хьажийнарш бу 54-нна тIера 94 кхаччалц.

XS
SM
MD
LG