ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караулова Варвара Европан кхеле яьлла


Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна бехкейина, набахте хьажийначу Караулова Варварин арз.

"Интерфакс" агенталле Караулован адвоката Зубер Игора дIахьедина, Варварин гIуллакхан талламаш бечу хенахь цуьнан бакъонаш ларйина цахиларна чуделла хиларх арз.

Стохка Iай кхело тоьхна 4,5 шо хан токхуш ю Караулова Варвара Вологдахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG