ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таркхойн хIордано тешнабехк бина нохчашна


Дагестанерчу хIордачу бахана Нохчийчуьра нах белла. Оршотан суьйранна Избербашехь пляжехь хилла и бохам. Избербашан администрацин векало "Кавказ.Реалии" портале дийцарца, ши бер а, шиъ йоккха зуда а ю хичу яханарг.

Иштта дахначу шоьтадийнахь Манасехь а велла хичу вахана Дишни-Веданара цхьа жима стаг.

Тергамчаша бахарехь, хино такхийна йоI кIелхьараяккха чуиккхина хилла иза. ЙоI дийна, могуш йисина, кIант велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG