ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пурстоп кхеле валийна Нохчийчохь


Нохчийчоьнан прокуратурано бехктакхаме гIуллакх даmккхина 39 шо долчу Альтамиров Iалвина дуьхьал, Талламчийн версица, кхелан пурстоьпан даржехь ша волчу заманчохь, 2014-чу шарера 2016-гIа шо даллалц "Некъан пурстоп" тобанхойн декъехь вара иза, Iедална декхаре болу машенашлелорхой лоьцуш.

Бахархошкара схьадоху декхарш шен кисана дохкуш хилла Альтамировс терминалехула.

Цул совнах, цхьаццаболчу машенашлелорхошна ша цаьргара ахча схьаэцна хиларх тоьшаллин кехат а луш хилла, амма пурстоьпийн урхаллан депозитна чоьте докхуш ца хилла.

Дерриг а Альтамировс къайладаьккхинарг ду 900 эзар сом.

Заводской кIоштан кхеле хьажийна прокуратурано пурстоьпан гIуллакх кхи дIа талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG