ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Госдеп саготта ю Кадыровс динчу дIахьедарна


Iамерка саготта ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гомосексуалистех аьллачу дешнашна. Штатийн арахьарчу политикан хьукматан официалан векало Науэрт Хизера дина ишта дIахьедар.

Хьалхо НВО-на еллачу интервьюхь Кадыровс бакъ ца дира махкахь гейшна тIехь латтош таIзар ду бохург, хIунда аьлча, Нохчийчохь уьш банне а бац аьлла.

"КIадбоцург ду и, цу тайпа нах бац махкахь. Бац тхан гейш. Белахь, дIабигийша Канаде, тхуна гена бахийша уьш. Тхан цIий а цIанлур дара, и нах белахь, дIабигийша шайна ма-ттов", - аьлла хиллера Кадыровс.

Гейш Нохчийчохь хьийзош бу, кхерамаш туьйсуш бохуш зорбанашкахь даржийначеран Далла гергахь жоп дала дезар ду аьлла, тIе а тухуш.

"Нохчийн куьйгалхочун оцу дешнаша синтем бохийна тхан. Пачхьалкхан департаменто дукхазза дийцина шаьш саготта хиларх оцу махкахь ЛГБТ-н векалийн бакъонаш талхош хиларх", - аьлла Госдепан векало. "Новости" агенталло бина и хаам.

Науэрт Хезера иштта дIахьедо, Iамерко кхайкхамбеш хиларх Оьрсийчоьне, зорбанашкахь даьржина дуьйцург бакъдуй хьожуш, федералан талламаш болабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG