ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна кIелояран гIуллакх талларехь новкъарлонаш хуьлу


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIортарна бехкебечийн хьокъехь кхелан ладегIарш дIадахделла. Талламна новкъарло йо лецначу кхааммо а дуьйцург бIостанехьа даларца.

Бехктакхаман гIуллакх дикка девзачу хьостано "Росбалте" дийцарехь, бехкебечара Ямадаев Iийсанан хиллачу хадархохочо Альвиев Iазиза а, "Восток" батальонан хиллачу тIемалочо Закараев Беслана а, цуьнан лулахочо Магомадов Шамхана а дехар дина, шаьш бехк тIелаьцна хиларе терра, кхелан ладегIарш леринчу барамехь дIахьахьара аьлла.

Цундела процесс сихонца ерза а йина, кхело шен сацам бовзийта безаш бара хьалхарчу я шолгIачу кхеташонехь. Оцу кхааммо а, бехкенна мукIарло дарал совнаха, ма-дарра дийца дезаш дара, муха, мичахь Кадыров вен Iалашо яра шайн. Лецначийн кийтарлонаш бахаьан долуш гIуллакх листарехь цхьалхо ца йолу.

Масала, Альвиевс боху Ямадаевца бертан дийцарш бахьанехь цхьанакхетта ша стохка Стигалкъекъа-баттахь Подмосковьехь. Ткъа оцу хенахь Ямадаев Iийса Оьрсийчохь хилла а вац.

Иштта бехкебечара къаро йо, Кадыровн кортежехь 50 машен хуьлу герзах боьттинчу тIемалойх йоьттина, ткъа шаьш "Муха" олучу гранатометца а, Макаровн тапчаца а, минан снарядца а тIелата кечделлера бохуш.

Интересе ду, маца дина и тоьшаллаш лецначара. Альвиев а, Закараев а, Магомадов а къайлаваьллера, ур-атталла шайн гергарчарна а стенгахь бу а ца хууш стохка бIаьста дуьйна.

Ткъа толлучу гIуллакхан материалашкахь яздо цул тIаьхьа бархI бутт баьллачул а тIаьхьа уьш карабаьхкина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG