ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха гIортарна хан тоьхна Нохчийчохь


Кхо шо набахтехь даккха хан тоьхна Хьалха-Мартанарчу Демельханов Чингисханна Шемарчу ДаIишхойх дIакхета гIоьртина аьлла. Чиллан-баттахь лаьцна вара Демельханов Шема ваха некъаш лоьхучу хенахь.

"Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета Iалашо хиллера цуьнан», - аьлла дийцина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу полисхочо.

Демелхановн гергарчарна тIех шога хета шайн стагна дина таIзар, делахь а кхелаца къийсарх хила гIоле яц аьлла ю церан ойла.

"Чингисхан хилла вац Шемахь, хIетте а 3 шо тоьхна цунна. Махкахь оццул хенаш етта, нагахь санна хьо цигахь тIом беш хиллехь. Цундела кхелан сацам нийсонца бина бац, хIетте а маьIне дац апелляци чуяляар", - аьлла агенталле Демельхановн гергарчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG