ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басков юхахьаваьлла зудаялон


Гурахь Нохчийчохь ловзар хIотто кечвеллачу Оьрсийчоьнан шоумена Басков Николайс Инстаграмерчу шен агIон тIера дIадаьккхина нускална Лопырева Викторина бартйоккхуш даьккхина сурт. Артистан фанаташ боьхна хьийза, цушиннан зудий-маррий хила ойла йоьхна аьлла хеташ.

Хьалхо шан аккаунтехь Лопыпевас "Кавказан закъалтхо" ("Кавказская пленница") киночуьра Шурика "Ловзар хир дац" олу цхьа дакъа оьллинера шен пена тIе. Фотомоделан фанаташлахь гIугI даьржира хIетахь.

Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Инстаграмерчу шен агIонтIехь видеоца даржийра, Басков а, Лопырева а гурахь Соьлжа-ГIалахь ловзар хIоттош ду, ша коьрта теш кхайкхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG