ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эпсарна кибарчик тохарна набахте кхайкхийна Зимовецна


Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна Зимовец Станислав 2,5 шарна набахте хьажийна, цо Зазадоккхучу-беттан 26-чу дийнахь антикоррупцин акцехь Росгвардин подполковникан букъа юккъе кибарчик тохарна. Кхаарийдийнахь Москохарчу кхело цуьнан бехкхилар тIечIагIдина.

NEWSru ресурсо ТАСС агенталлан хаамашна тIетовжарца яздо, прокуратурано Зимовецна 3 шо хан йоьхуш хилла, ткъа адвокаташа цуьнан бехк хиларан тоьшаллаш тоъал дац, цундела маьршавита аьлла хилла, бохуш.

Ша Зимовец дохко ца ваьлла шегара даьллачунна, я бехк тIе а ца лоцу цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG