ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчо ву хьо? Делахь, лойла дац хьуна кредит"


Кху деношкахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутатан Саралиев Шамсаилан, банкехь автокредит эца гIоьртича иза ца делла, хьо Нохчийчура ву аьлла бахьана а далийна.

Цуьнах ша депутата язйина Фейсбукан шен агIонна тIехь. Оьрсий къомах волу шен гIоьнча оццу банке вахийтича, цунна цхьа а новкъарло а йоцуш делла и кредит.

Шега а, кхечу депутаташка а, цхьацца регионашкара бахархоша аьрзанаш деш дара, шайна кредиташ ца ло аьлла. Зийча, къаьстина цунна иза бакъ хилар. Дукха хьем ца беш депутата шен балха тIера кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан Къоман банкан куьйгалхочуьнга Набиулина Эльвирига, цхьайолчу регионашкара бахархошна кредиташ хIунда ца ло аьлла.

Саралиев Шамсаила санна билгала иза ца лойла хиира суна а, ВТБ24 олучу банке телефон тоьхча. Соьга лачкъа а ца деш элира шаьш кредиташ Нохчийчура бахархошна луш дац аьлла.

Банкан белхахо: "ВТБ24. Сан цIе Надежда ю. Де дика дойла хьан!"

"Бехк ма билла, амма Нохчийчохь автокредит луш дац"

РМ: Де дика шу а дойла. Суна шу банкера автокредит эца лаьара. Со Нохчийчура вахархо ву.

Банкан белхахо: "Машен къастийний ахь?"

РМ: Хаъ. Вольво!.

Банкан белхахо: "Со хIинца хьожу ахь хаьржина машен кредиташна юккъейоьдуш юьйла".

РМ: "Со Нохчичура вахархо ву хьуна. Лур дуй теша суна кредит?

Банкан белхахо: "Ас хIинца толлу и гIуллакх.... Бехк ма билла, амма Нохчийчохь автокредит луш дац.

РМ: ХIунда? Со Оьрсийчоьнан вахархо вац?

Банкан белхахо: "Хала хеташ делахь а, тхан барамашна юккъе ца нисло хьо. Бехк ма билла! Iодика йойла!

Дагестанехь вехачу нохчочо Доддо Мурада а даре дира, шена а кавказхо ву аьлла кредит цхьайолчу банкашкахь ца делла аьлла.

"Цхьана пачхьалкхехь дехаш хилча, цхьатерра бакъонаш хила ца деза?"

Доддо: "Сбербанко а, ВТБ-с а суна кредит ца делира. Сайн накъостан а Пятигорскехь машен эца дахнера тхо. Ца делира. Ткъа, тхо Оьрсийчоьнан бахархойх дац аьлла хаьттича, шайна хIумма а ца хаьа, хьаькамашна тIегIо олу. Ткъа, царна тIе ца кхочуьйту".

Банкехь а, кхечанхьа а беш болу къестамаш чIогIа новкъа богIу Доддо Мурадна. Ша кхиверг санна кху пачхьалкхан бакъонаш а, Iедална хьалхахь декхарш а долуш стаг вац аьлла, кхин дIа а дийцира цо.

Доддо: "Низам дохор ду аьлла хета суна иза. Цхьана пачхьалкхехь дехаш хилча-цхьатерра бакъонаш йолуш хила ца деза? Яцахь-дIаала деза".

Адвокатан Касумов Султанна хетарехь, ша иштта йохьIаьржа хIоттина банк цхьа стага кхеле елча, и гIуллакх цуьнан толамца берзарна шеко яц.

Касумов: "Банко талла-м толлу стаг, иза мила ву а, цуьнан таро юьйла а. Ткъа лур дац шаьш аьлла сацам бича, иза охьатаIош хIума ма ду. Сийсаза ма вийна цара. Кхелехь цуо чуделча, шена хиллачу васах жоп деха мегар ду банкера".

Депутата Саралиев Шамсаила динчу арзан сихха жоп делла ВТБ банкан зорбан-сервисс. Шайн офисаш йоцучу регионашкахь кредиташ ца ло шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG