ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 16 гIаттамхо вийна, 40 лаьцна


ТIаьххьарчу эха шерачахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а 31 гIаттамхо хIаллаквина.Царех 16 Нохчийчохь вийна, 15 ГIалгIайчохь. Махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIаяьхьначу жамIийн кхеташонехь далийна и терахьаш, яздо REGNUM агенталло.

Урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана бахарехь, байинчарлахь хилла шиъ гIаттамхойн хьалханча. Ишта лецна латтош бу 40 гIаттамхо а, 20 церан гIоьнча а, кхи цхьа лидер а.

ГIалгIайчохь карара шо доладелчхьана 15 тIемало вийна. Полисхошна тIелатар дечу хенахь хIаллаквина, цара бахарехь, царех шиъ.

Ишта Iедало лаьцна латтош ву ГIалгIайчохь 35 тIемалойн агIонча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG