ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италин Iедало нохчо лаьцна


Шена а, шен 38 шо долчу цIийндена Бамбаталиев Iелина а дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш ду аьлла, Италино депорт йинчу ХIиричуьрчу 49 шо долчу яхархочо Качмазова Марьяма. Бамабаталиев Италехь шеконашкахь кхобуш вара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошца уьйрашкахь ву аьлла а, терроран тохарх кечдеш ву аьллла а.

Карарчу беттан юьххьехь "Кавказан узел" агенталло яздира италхойн Апулия регионехь лаьцна Нохчийчохь ницкъаллийн структурийн белхахошна 2014-чу шарахь тIелатарш дина аьлла тергонехь латтош волу махкахо бохуш.

Агнеталлан хаамашца, Белгера Итали веана и стаг, болх бан волавелла хиллера Фоджа гIалахь културан центрехь.

Ткъа карарчу беттан юьххьехь Италин Бари гIалин прокуроро йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедира, шайн территори тIехь ДаIишхошца зIенаш латтош, Шемарчу тIаме нах хьийсош волу нохчо лаьцна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG